«Нохчийн меттан институтехь» дIайаьхьира Нохчийн Республикин йукъардешаран хьукматийн 8-11-чуй классашкарчу дешархошна а, йуккъерчу говзаллин дешаран студентшна а, лаккхарчу дешаран студенташна а йукъахь «Нохчийн меттан говзанча» конкурсан финал

Кху конкурсехь дакъа лоцуш вара ши эзар гергга дешархо. Царах Республикин этапе ваьлларг 5I декъашхо вара. Ткъа финале кхаьчнарг 9 дешархо. Къовсамхоша гайтира шайн байташ йешарехь а, царна анализ йарехь а йолу говзаллаш. Иштта, шайна йеллачу темица литературин маттахь тексташ хIитто хааран говзалла а гайтира цара. Цул сов, блиц-турнирехь Нохчийн Республикин исторех а, географех а, нохчийн маттах а, литературех а долчу хаттаршна чехка жоьпаш даларца шайн бIаьрла хаарш а гайтира дешархоша. Массо а зерах декъашхой чекхбевллачул тIаьхьа жамIаш дича толаман меттигаш кху тайпана билгалйевлира: ВУЗан категори йуккъера хаарш къовсарехь шайн хьекъалш гайтира массо ВУЗашкарчу студенташа. Хаарш к1орггера долуш а, г1иллакх-оьздангаллица а болчу студенташна йуккъехь тоьлла ша гайтарца, лакхара меттиг йаьккхира Жабраилан Хьатун во1а 1умара (Хатуев Iумар Жабраилович) – ЛДД БДЦ «Кунта-Хьаьжин цIарахчу РИУ» 2-чу курсан студент. Конкурсан коьрта задачаш йара: нохчийн мотт Iаморна шовкъ лакхайаккхар, дешархошна йукъахь дика хууш верг билгалваккхар а, царна гIо дар а, иштта, нохчийн мотт Iамор коьрта декхар дуй хаийтар а. Конкурс дIайаьхьнарг йара «Нохчийн меттан институт» а, «Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерство» а. Дала тIаьхье беркате йойла массеран а!