Тахана вайн республикин куьйгалхочо, Россин турпалхо волчу Кадыров Рамзана вайн нохчийн мотт кхиорна боккха тидам т1ебохуьйтуш хиларна , вайн йиш ю Ненан меттан сийлахь Де даздан.
Шен ненан мотт безаш 1алашбан а, цуьнан сийдан а декхарийлахь ву х1ора а стаг. Ткъа нохчийн мотт дуьненахь уггаре а хьалдолуш а, шира а, хаза а, мотт бу. Оцу маттахь дерриге а ду - нохчийн башхалла, цуьнан истори, культура, ламасташ йовзуьйтуш.
Цо вайна ницкъ ло кхин а ч1ог1а вайн Даймохк беза, цуьнан сий-ларам бан.
Тахана нохчийн мотт школашкахь а, вузашкахь а д1ахьоьхуш бу, оцу маттахь вайн махкахь дIахьош яккхий тайпа-тайпана чулацаме мероприятеш ю.
ХIокху дезачу дийнахь вай баркалла боху нохчийн маттахь деша а, яздан а Iамийна болчу вайн хьехархошна а, даима и кхиош къахьоьгуш болчу вайн меттан говзанчашна а.
Вайна т1ехь ду ненан мотт вайн т1екхуьучу чкъурана марзбар, бовзийтар. Юха а декъалдо шу вайн Ненан меттан дезчу Денца.
Дала шу массо а зенах, зуламах лардеш, могуш-маьрша, ирсе дукха дахадойла!
Ларамца Кунта-Хьаьжин ц1арах йолчу РИУ-н ректор Мутушев 1абдурахьим