Выбор Языка

ar en ru

Произведения

Автор: Алихан Борханов - студент 2 курса ПО

Когда я учился в школе, я был знаком со многими произведениями А.С.Пушкина, М.Ю.Лермонтова, И.А.Бунина, но я никогда не думал, что эти великие классики с таким глубоким уважением относились к исламу и очень красиво передали восточные мотивы и образы в своих произведениях.

Меня удивило то, что И.А. Бунин пишет от первого лица, причисляя себя к исламской умме:

И я в пути, и я в пустыне,

И я, не смея отдохнуть,

Как Магомет к святой Медине,

Держу к заветной цели путь.

На втором курсе мы проходим творчество Ивана Алексеевича Бунина, великого русского классика, совершенно незнакомого нам, пишущего об исламе так, будто он на самом деле является одним из нас. Что можно испытать, читая его исламский цикл? Только восторг, благоговейное отношение к каждой строке этих изумительных, неподражаемых стихов!

Тонет солнце, рдяным углем тонет

За пустыней сизой. Дремлет, клонит

Головы баранта. Близок час:

Мы проводим солнце, обувь скинем

И свершим под звездным, темным, синим

Милосердным небом свой намаз.

Пастухи пустыни, что мы знаем!

Мы, как сказки детства, вспоминаем

Минареты наших отчих стран.

Разверни же, Вечный, над пустыней

На вечерней тверди темно-синей

Книгу звезд небесных – наш Коран!

И, склонив колени, мы закроем

Очи в сладком страхе, и омоем

Лица холодеющим песком,

И возвысим голос, и с мольбою

В прахе разольемся пред тобою,

Как волна на берегу морском.

А вот как звучит стихотворение о Тахаджуде:

В тихом старом городе Скутари,

Каждый раз, как только надлежит

Быть средине ночи, - раздается

Грустный и задумчивый Тэмджид.

На средине между ранним утром

И вечерним сумраком встают

Дервиши Джелвети и на башне

Древний гимн, святой Тэмджид поют.

Спят сады и спят гробницы в полночь,

Спит Скутари. Все, что спит, молчит.

Но под звездным небом с темной башни

Не для спящих этот гимн звучит:

Есть глаза, чей скорбный взгляд с тревогой,

С тайной мукой в сумрак устремлен,

Есть уста, что страстно и напрасно

Призывают благодатный сон.

Тяжела, темна стезя земная.

Но зачтется в небе каждый вздох:

Спите, спите! Он не спит, не дремлет,

Он вас помнит, милосердый бог.

До конца своих дней он сохранил глубоко уважительное отношение к исламу и искренние, дружеские чувства к «потомкам Пророка» (мир ему). А «мусульманских» стихов, написанных им в разные периоды жизни, у него столько, что из них следовало бы составить и издать отдельный сборник.

بسم الله الرحمن الرحيم

 

قام  قوم من الصغار و الكبار            بكل أشواق  في انتظار المختارِ

في انتظار الحبيب تحت الأمطار       لرؤية خصلة من سيد  الأبرارِ

قد أكرم  الله  شعب الشيشانِ             بهذه الخصلة من حبيب الرحمنِ

لهذه النعمة فاشكروا يا إخواني          فهذه  منة  من  الكريم   المنانِ

 يا  قوم  يدعي  بحب  الرسولِ          يا مسلم  يبكي  بالعين  المبلولِ

فأين   أنتم   باتباع   المصطفَى          تقولون   نحبه   أ هذا   كفَى

إن تركت السنة فدع الأكاذيبْ           بأنك   مملوء   بحب   الحبيبْ

محبة   الرسول   للسنة    اتباعُ         حرصاً عليها إلى قوله استماعُ

إن كان قلبك إلى الحبيب مشتاقاَ         فإني لا  أراك  حافظاً  أخلاقاَ

 أخلاق   النبي   تدعيه   بالحبِّ         أخلاقاً مدحت في كتاب الربِّ

فمرحباً  بمن   نُوِّرت   الشيشانُ        مرحباً   بمن   تعشقه  الأجنانُ

كم اشتاق القلب لرؤية  العشيقِ          أحبك  القلب  بالحب  العميقِ

يا   ليت   الفقير   يرى   حبيباَ          يوم  القيامة  بعيدا   أم   قريباَ

بأبي  و  أمي   يا  رسول  المنانِ       بنفسي فداك يا حبيب الرحمنِ

الصلاة و السلام على نبينا المختارْ     يصلي عليه  الأملاك  و الجبارْ

 

Азимов Исмаил студент 2-го курса факультета ШН

                                              Сан нана

Белаллова Малика
Шар
Iан факультетан 14-3 группан студентка

Нана, со мел лела дахаран новкъа,

Хьох хьерча ойланаш к1аргъелла йог1у,

Дуьненахь вайн доца, экаме дахар,

1ожалло д1алистталц дезар ду яха.

Маржа я1, сан нана. Сан миска нана!…

Шераша хуьйдина жимъелла хьо.

Ткъахьалха-м яра хьо  т1ахъаьлла, онда,

Массанхьа куьгкхочуш хуьлура хьо.

Нана, саннана, сан деган г1ала,

Къежъяларх, г1елъяларх хьоме хир ю.

Аганан иллица хьистина лерса,

Мел генахь дисарх и сил мерза ду.

Ахь лайнарг, ца лалуш, дагах чекхдаьлларг,

Дависа, ларйоцуш д1адайа и.

Г1айг1а д1аайарца вуонех т1ехъяккха,

Хьан дагна вас йинарш жоьпалле кхайкха.

Геч делахь, нана, ахь, геч делахь суна,

Йо1 хила ма-езза цахиллехь со.

Геч делахь, нана, ахь, къинт1ера ялий,

Аллах1е къинхетам боьхуш 1а со.

Хьан хьехар, хьан дола мел ч1ог1а эшна,

Боданехь нур хуьлий ма йог1у хьо.

Аллах1е доьху ас яхаяр сайна,

Лаар-кха даима ирсе ган хьо.

Доьху ас дисина дахаран дакъа,

Вочух и 1алашъеш, лохьа ахь цунна.

Безачийн диканаш гайта ахь цунна,

Ирсе и хилийта х1ора а денна.

 

Нана

Баширов Джабраил  
Кечамаллин декъан 14-2  группан студент

Х1ун ду-те дуьненахь хьан меха, Нана,

Хир дуй-те хьол сийлахь х1умма а цхьа?

Кхачо ю со вина Хьомсара Нана,

Ахь олу хьостуш безаме мерза дош.

Буьйсанна мерзачу набарха юьйлуш,

Мерза наб йицйина со маара къуьйлуш,

"Декъала хила хьо, хьомениг, " – бохуш,

Дагадог1у ахь хьестар сан Хьомсара Нана.

1аьржачу буьйсанна, сирлачу дийнахь,

Серло, ирс, йовхо луш, кхиийна ахь со.

Хир даркха дуьне а цхьа ирча бодане,

Безамца ца хьоьстуш хилча ахь, Нана со.

Со тахна ирсе ву хьо йолуш, Нана.

Ма гойла цхьанна а хьо йоцуш де.

Хьо суна ехийла хьомсара сан Нана.

Дахарехь цкъа ца гуш г1айг1ане де.

Дерриге сан дахар Хьоьца ду доьзна.

Берриге сайн безам ирс а го хьоьца.

Нагахь со хьо ларъеш, къийсамехь воьжнехь,

Эрна ца яьккхина дуьнен т1ехь зама.

Ма юьзна ю-кха Нана йолу х1усам.

Ма мерза бу-кха нанас бо кхача.

Ма ирсе ву-кха нанас ша хьоьстург.

Ма г1ийла ву-кха ша ненах хьоьгург.

Мел сийлахь юьйцу хьо сийлахьчу Элчано.

Ялсамане хьан когаш к1елахь ю боху Цо.

Мел сийлахь кхоьлли хьо ницкъ болчу цу Дала.

Яхалахь суна хьо, хьомсара Нана.

Дуьненахь суна хьан цкъа вуо ма гойла.

Дахарехь замано хьо ирсе йойла.

Нагахь ас вас йинехь, къинт1ера яла!

Декъала хила хьо, со вина Нана.

Къинт1ера ялалахь, сан хьоме Нана.

Ахь х1уъу аларах ловр ду ас, Нана.

Хьан лаам, цатам беш бохийнехь, Нана,

Доьху ас даггара къинт1ера яла.

Баркалла ду хьуна, Хьомсара сан Нана.

Буьйсанна наб йоцуш, дийнахь а тем боцуш.

Доьналлех ца юхуш, до1ийца со воьхуш,

Со кога хоттарна баркалла ду хьуна.

 

                                                  Нана

                                                                        Делиева Аминат 
                                                                       Шар
Iан факультетан 12-3 группан студентка

Боданечу дахаран серло ю нана,

Дуьненан дахаран синтем бу нана,

Неначул мерза цхьанне а кхача бац,

Неначул к1еда цхьанне а куьг ма дац,

Доттаг1ех къонаха доттаг1 ю нана,

Синтемах т1ех сирла синтем бу нана,

Хьан къайле хьулайой болата лаьтта,

Хьан дахар ирсе деш ирсе ю нана

Аллах1а жоп лучу даржехь ю нана,

Къуръан чохь а хьехийна сийлахь ю нана,

Хуур ду хьуна! Хуур хьуна!

Ненан кхача боцуш хьо меца висча,

Нана йоцуш бодане дуьненчохь висча,

Коша барза т1е х1уьттуш хьо г1ийла висча,

Ненан марзо х1ун хилла, хуур ду хьуна!

 

Нана

Шихтиев Лом-Али 
                  Кечамаллин декъан 15-02 группан студент

 

Дахаро къахь х1оттош,

Со холча х1оттийча,

Балано вожийна,

Кийра сан беттича,

Чов ерзош, дог тедеш,

Ховхачу куьйгашца,

Нана, хьан т1ома к1ел,

Ма ирсе хиллера.

Хийлаза со бахьнехь,

Хьо холчу х1оьттина.

Буьйсанна наб ца еш,

Мерза наб яйъина.

Ма дохко вуьйлу со

Тахана, Нана.

Къит1ера ялахьа.

Дешаран беха некъ

Юьхьар а лаьцна,

Деза дин 1амадан

Догах т1елаьцна,

Д1аоьху сан денош

Хьо ца гуш, Нана,

Мерзачу г1енашкахь

Гур яц-те бохуш.

Де дийне мел дели

Балано б1арзвой,

Сахиларе сатуьйсуш

1уьренга волу.

Дерриге диц а лой,

Синтемах вухий,

Ахь йоккху ц1е ларъеш

Со веха лаьтта.

Сирлачу цу стиглахь

Цхьа седа байча,

Воккхавеш со цуьнга

Къамеле волу.

Сох кхетий, сих-сиха,

Маршала оьций,

Нана, хьан коре и

Сан дагца кхета.

Сих-сиха, кор лардеш,

Ма ларве, Нана.

Со кеста вог1ур ву

Хьо йолчу ц1ехьа.

Даимна довхачу

Хьан куьйгех хьерчаш,

Вай ирсе дехар ду

Еххачу ханна!

 

                                           Нана

Тимбулатов Мовсар
Кечамаллин декъан 15-2 группан студент

                    Дахаран дахкарлахь со висарх тилла,

                    Нана, хьо гуттар а сан г1ортор хилла.

Дуьненчохь йоккхучу йоцачу ханна,

Дерриг ирс берашна д1ало ахь, нана.

Доьзалан г1алаташ къайла а кхоьхьуш,

Бохамах тхо лардар Деле а доьхуш,

Хьайн темаш-цатемаш дагчохь а къуьйлуш,

Ахь хала кхиий тхо, къаьхьа кад муьйлуш…

Махкана яхь йолу, дика к1ант кхиош,

Къоналла, могшалла, шен са ца кхоош…

Кхоьруш цхьа к1илло-нах кхиарна царах,

Ненан дог даима догуш ду ц1арах…

Даима лаьттар ю моьтту хьо, нана,

Кхин юха ца йоьрзуш, д1айоьду зама.

Дагахь дерг кхочушдан ца кхуьу кхана,

Тахханехь, дог оьцуш, хьаста хьайн нана!

 

Ты мать люби

Истамулов Джахар студент 
Подготовительного отделения группы 15-1

Река отпущенного срока быстротечна,

Умей счастливые моменты в ней ценить.

Кратка ведь жизнь людей, не бесконечна…

А время вспять не обернуть, не изменить.

И жизни нить родителей не вечна,

Пытайся же им радость подарить.

Коль был ты с ними грубым и беспечным –

Не зря ли на могилах слезы лить?

Ты мать люби, она тебя взрастила,

В пути твоем окружила,

И силами своими, как могла,

Дитя свое от бедствий сберегла.

 

Хьоме нана

                                                                    Саиев Докка 
                                                                   Шар
Iан факультетан 13-2 группан студент

Уггаре мерзаниг лаха со воьлча,

Карийнарг суна, Нана, хьан кхача бу.

Уггаре аьхнадерг довза суна лиъча,

Девзинарш суна, нана, хьан куьйгаш ду.

Уггаре ч1ог1аниг хаа суна лиъча,

Нана, хьан безамал ч1ог1аниг ца хии.

Уггаре гергарниг лаха со воьлча,

Нана, хьол гергарниг суна ца карий.

Т1аккха сайн маттах со дагавелира,

Дешнашлахь уггаре деза дош лехира.

Х1ораннан дозалле со хьаьжна велира,

Дезадош «Нана» бен матто ца элира.

Даккхийчу совг1атех совг1ат ду Нана,

Доьзалан даг т1ера зезеаг ду нана.

Бац-кха хьан безам буста ша барам,

Х1ара дуьне мел лаьтта хир бу хьан ларам.

Хьан х1ора а дош ду, Нана, со нисвеш,

Дуьненахь со лела Хьан до1наша ларвеш.

Ахь дина дов а хьехаме доьрзу,

Аллах1е Хьо йоьхуш,со Цуьнга воьрзу.

Дала Шен къамелехь Хьо ларар парз дина,

Сийлахьчу Шен дашца Элчано язйина.

Х1ора а ламазехь Хьо Деле йоьхуш ву,

Ялсаманехь цхьаьна хила доггах сатуьйсуш ву!

 

Деган б1астенах къастар

                                        Исмаилов Рустам 
                                       Шар
Iан факультетан 15-2 группан студент

Аьхкенан суьйренца т1ееъна и буьйса,
Ас Нене ладоьг1уш юкъал т1ехъелира.
Шен хазчу эшарца кийрара дог делош,
Хьомечу Нанас со набарна вижийра.

Шийлачу маьхьарша набарха ваьккхира.
Шийлачу Хьан сибто кийрара дог дагийра.
Т1улг санна шелйина,Хьан елар лачкъийна,
Хьан юьхь т1е йирзина 1ожалла хиллера.

Цу дийнахь ца гира комаьрша Хьан б1аьргаш,
Уьш набъеш ва санна хьабдина лаьттара.
Хетарехь,цу дийнахь дуьххьара Ахь эли:
«Кхин довха дог айдеш, хьожур яц со хьоьга».

Цу дийнахь т1аьххьара а вай вовшех къаьстича,
Т1аьххьара б1аьрг тоха со Хьуна т1евеъча,
1аьржачу вертана т1ам хьала айбина,
Т1аьххьара гуш долчу б1аьргашка хьаьжира.

Сан мерза 1уьйренаш д1аихна ма евли,
Сан мерза суьйренаш д1аихна ма евли,
Кийрара дилха дог Нанас кхин хьостур дац,
Тайначу еларца сьога и хьожур яц.

Готтачу лахьти чохь сан хьоме Нана ю,
Мульхачу хьолехь ю сох къайле йина ду,
Суначул сан Нана дукхаезар сов долуш,
И кхоьллина, кхалхийна цуьнан Дела Аллах1 ву.
Хих буьзна сайн ши б1аьрг лаьтте а хьежабеш,
До1ийца сайн куьйгаш Деле ас кховдадо.
Со винчу, кхиийнчу, хьомечу сан Ненах
Къинхетам Ахь белахь я Робби я Аллах1.

Ахмат-Хаджи Кадырову посвящается...

 

 Къонахчунна!

 

 Башламан баххьашка б1аьрг тоьхча, геннахь

Даймехкан къонахийн сурт х1оттало.

Мостаг1чо халкъана ницкъ бечу хенахь

Парг1ата, ког хецна, уьш 1а ца ло.

Г1овтту уьш сихонца, г1ароле х1уьтту,

Синош шайн, ца кхоош, махкана ло.

Харцо а, бакъо а, тидамбеш, луьтту,

Т1аьхьене некъ байта билгало йо.

 

Ишттачех цхьаьнца со къамеле волу,

Хеттарш до; ца 1ебаш, цо жоьпаш ло.

Цхьа доцца къ амелах ас байташ олу,

Царех цхьажимма ас шуьга а ло:

-Хьо вуй и махкана парг1ато елларг?

-Хьайгара г1о эшча, юкъ йихкинарг?

-Хьо вуй и халкъана хьайн са д1аделларг?

-Хьайх ала дуьззина дош дитинарг?

 

Дуьххьара юкъ йоьхкуш, хьо араволуш,

Ненера пурбанца д1атосуш ког,

Ахь ч1аг1о йинера, хьайн дагахь, олуш:

Вехар ву халкъана д1аделла дог!

И ч1аг1о кхочушъеш, ахь са д1аделла,

Хьайгара г1о эшча, юкъ йихкина.

Халкъана, махкана парг1ато елла,

Хьайх ала дуьззина дош дитина.

 

Хьан дахар халкъана масал ду тахана,

Ткъа кхалхар сов ч1ог1а 1овжаме ду.

Т1аьхьенна нийса некъ гойтуш, хьо ваьхна,

Ирсе некъ и хиларх тхо тешна ду.

Хьан васт а, амалш а дегнашкахь лаьтта.

Майраллех, оьздаллех юьзна уьш ю.

Яхь, г1иллакх, комаршо – ца оьшу леха,

Хьан сица даима уьш хилла ю.

 

Хьо ву и махкана парг1ато елларг,

Хьайгара г1о эшча, юкъ йихкинарг!

Хьо ву и халкъана хьайн са д1аделларг,

Хьайх ала дуьззина дош дитинарг!

Иштта бу къонахий – зама мел яларх

Даржашкахь сов буьйлу, айало сий.

Б1о къажош ца хилла, буьрса т1ом баларх,

Д1аделла, оьшучохь, шайн дог1маш, ц1ий.

 

Авторские анонсы

Дика к1ант - г1ала, вон к1ант - бала

Нохчийн кица

 

 

Нана, нана, хьоме   нана!

Нана, нана, хьоме нана!
  Оха хьан ма сагатдо.
  Шура юй-те тхуна хьанал,
  Дуй-те муьт1ахь хьуна тхо?

Ахь ма дукха къийли хийла
  Хьайн даг т1ера баланаш.
  Тхуна гонах хьийзи хийла,
  Тхох хир моьттуш г1аланаш.

Хийла, дех а, лачкъий ахь тхан
  Кегий, даккхий г1алаташ.
  Кхоам ца беш хьайн дахаран
  Схьаеи хьо лол бетташ.

Хийла тхуна хьалха х1иттий
  Бовха, мерза кхачанаш.
  Даймохк, хьайн мотт беза 1амий,
  Хьуна бу-кх тхан хастамаш.

Вонах, зуламах тхо а лардеш,
  Новкъа дехи, кхиий ахь.
  Ламаз, марха тхуна марздеш.
  Ялсамане яьккхи ахь.

Нана, нана! Хьоьга доьху
  Къинт1ера хьо ялалахь.
  Вижа лахьта хир дац боху,
  Хьо къинт1ера ца ялахь!

Даймехкан беш

Юха а денлуш ю вайн Соьлжа-гIала,
  Урамаш сийсаш ду, цIанлуш бу мохк.
  Де дийне мел дели айлуш бу бала,
  Цу маьлхан зIаьнарша худуш ду дохк.

Мехкаден омра ду кхочушдеш: «Кхала!»
  Дийнахь а, буса а белхаш бу беш.
  ХIора а ву гIерташ ирсе ян «кхане»,
  Нур лепаш, къагаян даймехкан беш.

ГIаланаш юттуш ю, туьйранахь санна,
  Ишколаш, бошмаш ю берашна еш.
  Мехкан да ву даим шен халкъацанна,
  ЗаьIапхойн, гIийлачийн дола ду деш.

Дуьненан къаьмнаш ду цецдуьйлуш хьуьйсуш,
  Гушдолчух ца тешаш, тамаша беш.
  Иттаннаш шераш шаьш дезар ду баьхнарш
  Шиш о а далале хIиттий вай теш.

Иштта ю-кх, Нохчийчоь, хьан тахане. Кхане
  Хуьлийла совюьйлуш эзарнашкахь.
  Машаре яхийтар, куьг кхийдош гене
  Доьхур ду Деле сайн доIанашкахь.