СЕЛХАНЕ ЙИЦ ЦА ЕШ…

2018-чу шеран кхолламан (январь) беттан 3-чу дийнахь арадаьллачу «Даймохк» газетан агIонаш тIехь цхьа башха статья яра. Статьян дIайолор йоккхачу цIарца хиларна, газет схьадоьллушехь, шена тIе тидам ийзабора цо. «Дайн кешнаш доцург, нохчашка хьоьжуш цхьа а вацара» йара цуьнан цIе. Кийрахь дог доцуш, йа бIаьрзе хила везара шийлачу маьхьарца синкIоргене кхийда цIе йолу и статья ца йоьшуш, тесна йуьтург. Хьалхарчу могIанца дуьйна газетдешархо йийсаре лоцуш яра статья. Вайн дайша хьегна къа-бала балхош, и гIуллакх кIорггера довзарца, вайнаха лайна къизалла Iеткъарца йазйина а йара иза. Цул сов, цIеначу нохчийн маттахь, дешан говзаллица, хIора хьаьрк маьIнах йузуш, газетдешархойн сих хьакхайолуьйтуш йара. Стаьйан чаккхенехь бен цуьнан автор мила ву ца хиира суна йа хьажа дага а ца деара. Цуьнан чулацамо дIалаьцнера сан йерриге а ойла, дайша хьегначу халонийн декъа ийзош, декъазчу нохчийн къоман исторехь мел хилларг карладохуш. Иза могIарера статья хилла Iаш йацара. Иза къеггинчу похIмица, говзаллин лаккхарчу тIегIанехь йолчу корматаллица йазйина йара. Цуьнан шен бахьана хиллера. Статьйан чаккхенехь авторан цIе а, фамили а йара. Иза историн Iилманийн доктор Ибрагимов Муса хиллера. КIорггера хаарш, ира хьекъал, Къилбаседа Кавказехь а, генна цуьнан дозанал арахьа а шуьйрачу гуонашкахь вевзаш, ларамца шен цIе йоккхуш воккха Iилманча, вайн махкарчу кхаа университетан профессор, Нохчийн Республикин Iилманийн Академин декъашхокорреспондент ву Ибрагимов Муса. 150 сов Iилманан болх бу цуьнан зорбане баьлла. Масех книга ю. Царах цхьаъ, лакхахь хьахийначу «Дайн кешнаш доцург, нохчашка хьоьжуш цхьа а вацара» статья тIехь доцца хьахийнарг, шуьйра довзуьйтуш, тIаьхьарчу тIаьхьенашна дайша хьегна къай-балий хаийта йаздина «Чеченцы: выселение, выживание, возвращение. (1940–1950-е годы)» цIе йолуш ю 2015-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь зорбанера ара йаьлла. Даима санна, дуккха а къахьегнера Ибрагимов Мусас бакъдолчунна тIетийжаш иза йазъеш. Ша схьаваьллачу къоме болчу боккхачу безамца, ирчачу сингаттамаша йийсаре лаьцначохь йахь дIа ца луш, доьналлица къизачу зерех чекхдаьллачу халкъах дог лазарца йазйо автора. Куьзганахь санна гуш ду бакъволчу нохчичо иза йаздина хилар, авторан кийрахь детталуш къонахчун йахь йолу дог хилар. И тайпа книга зорбане йалар цхьана Мусан кхиам хилла Iаш бац, дерриге а нохчийн къоман кхиам бу.

БЕРАЛЛА
Хийрачу махкахь 1948-чу шеран оханан (апрель) беттан 30-чу дийнахь дуьнен чу ваьлла Ибрагимов Муса. 1944-чу шеран чиллин (февраль) беттан 23-чу дийнахь, Сталинан хьадалчаша вайнах махках бохучу муьрехь, хIусамнана йалийна, шен доьзал болийна вара цуьнан да Ибрагимов Муслим. Дуьххьалера кIант вара Рукъетан карахь. Майрбек цIе тиллинера кIантана. Муслиман да Деникинан эскарна дуьхьал вайнаха бинчу тIамехь турпала воьжнера 1919-чу шарахь. ТIехь да воцуш хьалакхиъначу Муслимана дуьненан меха хетара шен дуьххьара дуьнен ЮБИЛЕЙ СЕЛХАНЕ ЙИЦ ЦА ЕШ... (Историн Iилманийн докторан, профессоран Ибрагимов Мусан 75 шо кхачарна лерина) чу ваьлла доьзалхо. Цунах воккхавийна ца волура иза. Амма вайнах махках бохучу деношкахь Марзойн-Махкара бахархой гIаш ЦIе-Ведана охьабалийна, Соьлжа-ГIала охьабига машенаш йоцуш кхаа дийнахь, кхаа бусий, гIеххьа диллина ло долуш, шийлачу арахь латтийнера. Ткъа бер, дуьне дохахь а, бер ду! Цуьнан шен хьашташ хуьлу. И хьашташ Майрбекан а ца хилча ца довлура… 17 шо бен доцчу Рукъета шен кIантана цIано шийлачу лайца йора. Декхаш бер карахь дара аьлла Рукъетана йа кхечу зударшна кхоьллина бегIийлаш йацара, хьулбала кечйина ура-атталла кхалораш йацара бехк-гунахь доцу халкъ махках даккха къиза чалхаш кегочу Iедалан векалийн. Эххар а, машенаш схьакхаьчна ИбрагимовгIар а, кхиболу марзамахкахой а, Соьлжа-ГIала охьабигна, цIерпошта тIеховшийра. Амма Рукъетана дай баьхначу лаьттах йаккхар а дицдеш, доьхна даьхкира шийлачу некъан хьалхара денош. КIант дIавелира ненан карахь. ИбрагимовгIарна гуш дара хьарчош марчо доцуш, доккхуш сагIа доцуш, некъан бохалла салташа охьакхуьйсу кхидолу декъий. Делан къинхетамца, Муслиман деваша вара кхаьрца цхьана вагон чохь. Цо ненера шега дIаийцира дIаваьлла кIант. ХIора социйлехь, жIаьлеш санна, чулелхачу салташна хилларг ца хаийта, хаза дIахьарчийна, шен маракъевлира цо Майрбек. ЦIерпошт дIайолаелча охьадуьллуш, сецначохь каралоцуш, салтий болчохь дийна волуш санна, йукъ-кара хьаста а хьостуш, генарчу махка дIадаьхьира ИбрагимовгIар Майрбекан дакъа. Казахстанан Актюбинскан областерчу Курашасай йуьртахь совцийра Марзойн-Махкара ИбрагимовгIар. Цигахь лахьте верзийра Майрбек. Оцу бохамо Iадийна Рукъет йехха лийлира дуьненах чам баьлла. Делахь а, хийрачу махка кхаьчна 4 шо кхочуш кхин цхьаъ кIант велира хастам хиларо АллахIДала Муслимана, Рукъетана. КIантана Муса цIе тиллира. Муса школе воьду хан хилале Курашасай йуьртара Iен-баха Актюбинске дIакхелха ИбрагимовгIар. Цигахь воьду Муса хьалхарчу классе деша а. Дика доьшуш хьалхара класс чекхйоккху цо. Нохчех волчу хIора стеган иэсехь маьлхан зIаьнарех дуьзна 1957-гIа шо ду иза. ШолгIачу классе Муса деша дIаволавалале, катоьхнна шен доьзал балош, Нохчийчу цIадоьрзу Муслим а, Рукъет а. Амма шайн ворхIе да ваьхначу Марзойн-Махка хьалабоьлхийла доцуш, цкъачунна, Хьаьжин-Эвлахь совцу. Цундела шолгIачу классе деша Ибрагимов Муса ХьаьжинЭвлахь воьду. Муслиман дай баьхначу керташка са лаьтта. Цо дукха къахьоьгу МарзойнМахкахь адамийн Iер-дахар карладаккха лууш. 13 шарахь тесна лаьттинчу махкана хилла зе кIезиг дацара. Ков-керташ беркъадевллера, некъаш кондарша хьулдинера, шовданаш токхамаша лакъийнера. Делахь а, «Доггах вилхинчунна бIаьргех цIий догIу» – бохург санна, адамийн хьаналчу къинхьегамо мелла а битаме балийра мохк. Шо шаре далале Муслима, цуьнан хIусамнанас Рукъета доггах къахьегарца цхьа беркате гечо доккху шайн дог лаьттаче доьзал цIаберзо. Буьйдачу кибарчигех цIенош дира. Даьхни кхаба меттиг билгалйаьккхира, дуьйш-дерзо ирзо кечдира. Йуьхьанцарчу школин йиъ класс Марзойн-Махкахь чекхйаьккхира Ибрагимов Мусас. КхидIа деша Ведана хьала ваха дийзира, Марзойн-Махкахь йуьхьанцара школа бен ца хиларна. Ткъа Веданахь, Нохч-ГIалгIайн Республикин ерриге а кIоштахь санна, школа-интернат йара. Цигахь дешархой буьйсанаш йохуш Iара, мокъачу дийнахь бен цIа а ца боьлхуш. Деша луучунна боккха аьтто бара иза. Хьехархой а, оьшучунна кертара аравала а ца дезаш, библиотека а уллехь яра. Ткъа Ибрагимов Муса жимачохь дуьйна дешарна чIогIа тIера вара. Къаьсттина самукъадолура цуьнан книгаш йоьшуш. Веданарчу интернатехь итт класс чекхъйаьккхина волуш, хетарехь, иза ерриге а бохург санна, оьрсийн классикийн литература йешна ваьллера. Цуьнца цхьаьна кIанта йоьшура малхбузерчу авторийн книгаш. Литература йовзарх а, иза ешарх а боккха пайда белира Мусана. Кхиъна вогIу жима стаг книгаша Iамавора ойла ян, дикане кхийда, амал йахчо, керлачу анайисте кхийда. Лакхарчу классашкахь доьшуш волуш, Муса байташ йазъян а волавелира. Уьш кест-кеста гора Веданан кIоштахь арадолуш хиллачу «Колхозан дахар» газетан агIонаш тIехь. Иштта цуьнан байташ Соьлжа-ГIалахь арадолуш хиллачу «Ленинан некъ» (хIинца «Даймохк») газетан агIонаш тIехь а хуьлура йукъ-кара. Доцца аьлча, тахана историн Iилманийн доктор волу Ибрагимов Муса кхиъна вогIучу муьрехь шен дахар литературина дIадала, дог-ойла иракарахIуьттуш а, журналистан корматалла карайерзо Iалашо лаьцна а вара. 1966-чу шарахь волу иза Веданарчу йуккъерчу школан интернат кхиамца чекхйоккхий. ТIаккха генарчу ойланашка вийлар доцуш, Москварчу пачхьалкхан университете деша, журналистан корматалла карайерзо воьду. ДIаэцаран зерех чекх ца волу вайн махкахо. Амма баккъал а Москварчу пачхьалкхан университетехь, журналистан корматалла караерзо Iалашонца деша лаахь муххале а, оьрсийн, нохчийн мотт хаарх тоьаш ца хилла, кхечу къаьмнийн меттанаш а хаа дезаш хилла. Ткъа аьтто хилла Ибрагимов Мусас Веданахь доьшучу хенахь ингалсан, йа немцойн мотт Iамо бацара. Цундела МГУ деша вахар ца хилира вайн турпалхочун. Делахь а, халонех озавелла, йухаволучарех вацара иза. Абитуриентех цхьамма-м элира Ленинградерчу гIишлошйаран институте деша воьдуш ца оьшу кхечу къаьмнийн мотт аьлла. Цунах кхаъ хилла Муса сихонца Ленинграде вахара. Делан къинхетамца цигарчу зерех чекхвелира, цхьана шарахь деша а дийшира. Амма хан мел ели а Мусана гуш дара гIишлошйархочун корматалла шен даго тIелоцуш цахилар. Цундела цхьа шо дIадолуш, цо шен кехаташ схьаийцира, кхечанхьа деша ваха дагахь. Амма и «ловзарш» Советийн Iедало гена ца довлуьйтура. Ткъа шо кхачале Даймахкана «декхар» дIадала дезаш вара муьлхха а жима стаг. Ибрагимов Мусана тIех ца тилира эскаре гIуллакх дан воьду хан. 1967-чу шарахь вахара иза эскарехь гIуллакх дан.

IИЛМАНЕ БОЬДУЧУ НОВКЪАХЬ
1969-чу шеран гурахь Советийн Эскарехь гIуллакх дина ваьлла цIавирзира Ибрагимов Муса. Дехачу Iаьно институте деша ваха йолчу ойланца, книгашна тIевоьлла кечам беш вара иза. Цахуург Iамош, хуург карладоккхуш, шен йолчу таронца хаарш тIедузуш вара жима стаг. ХIинца санна ахча хьалха доккхий ца воьдура цу хенахь деша. Цкъа делахь, доьзална напха латтадалар а доккха хьуьнар хеташ, хене буьйлучу нохчашкахь совнаха ахчанаш дан а дацара, шолгIачу декъана, нагахь санна, и ахча хилча а, институте доьзалхо деша вохуьйтуш иза дала деза аьлла цхьанна дага а ца догIура. Хаарш мехала дара оцу муьрехь. Цаьрга гIертарг сийлахь а вара. Цунна кхин цкъа а Ленинграде ваха лиира. СССР-хь тоьллачу дешаран лакхарчу кхерчахь корматалла карайерзор сийлахь хийтира. Цундела 1970-чу шеран хаза еанчу аьхка жима стаг новкъа велира кхин цкъа а шен ирсан седа зен йолчу Iалашонца. Ленинградерчу университетан историн факультетехь деша лаам болуш йухьарлаьцна некъ бара иза. Амма Мусас кехаташ чудалале билгал делира историн факультетехь йоккха конкурс хилар (1 метте 30 стаг гергга). Оцу терахьо мелла а дог-ойла шелйира вайн махкахочун. Делахь а, деша дIа ца тасалуш, йухаволийла-м дацара цуьнан. ТIаккха ладоьгIна, ойла йина, цо сема бIаьргтуьйхира кхечу факультеташкахь долчу хьоле. Мелла а кхуьнан дегайовхо йуьтуш философин факультет йара, цул сов, философига нийсса бохург санна, Iамош истори а йара цигахь. Конкурс а, иштта, йоккха йацара, цхьана метте – бархI стаг. Шен кехаташ философин факультете чуделира цо. Дукха халонаш йоцуш, зерех чекх а велира. Иштта, 1970-чу шарахь Ленинградерчу университетан философин факультетан студент хилира Ибрагимов Мусах. Муьлхха а стаг деша воьдуш ву университете а, институте а. Бакъду, вайн турпалхо санна сутара хааршка кхийдаш студенташ кIезиг хаало лакхарчу дешаран кхерчашкахь. Хьалхарчу курсехь дуьйна тоьлла студент ларалуш чекхваьлла Муса. Йуьхьанца дуьйна а Iилманан белхашкахь ша зен лууш къахьегна. Дика кхиамаш баьхна. Цундела хьехархошна дукха а везара. Цул сов, Ленинград (хIинца Санкт-Петербург) могIарера гIала хилла Iаш йац. Цунах, ерриге гIаланах а, «тхов кIел йоцу музей» (музей под открытым небом) олуш дара, цкъа мукъане а цига кхача ирс хиллачо. Ленинградера хIора гIишло, тIай, доьду хи, урам, бошмаш историн хIуо детталуш ю. Театраш, концертий залаш, музейш, библиотекаш, денна дIахьош болу суртдиллархойн гайтамаш, дуьне цецдаккхал доккха Iаламат ду. Массо маьIIе кхача а, царах марзо эца а ларийра Ибрагимов Муса, ша студент волчу муьрехь. Цунна евзира бакъйолчу искусствон исбаьхьалла. Йовзарал сов, Россин пачхьалкхан историх а, оцу исторехь бIаьрла лар йитинчу адамех а долу шен хаарш тIедуьзира. Цунна доккха ирс хетара, цкъа мацах Пушкин, Лермонтов, Гоголь, Репин, Брюлов, иштта дуккха а кхиболу оьрсийн сийлахь йаздархой а, суртдиллархой а дIасалеллачу урамашкахула волавала, царах бIаьргтоха аьтто балар. Цкъа а йовр йоцу лар йитина Ибрагимов Мусана цо Ленинградехь даьккхинчу пхеа шарахь. Цунна хIинца а хета Ленинград доккхачу дуьненахь уггаре а хазачарех цхьа гIала. Делахь а, дешна ваьлча цигахь Iойла дацара. Лаьмнаша, царах бухдуьйлучу шийлачу шовданаша цIа воьхура иза. Веданан кIоштана мел гена валарх цуьнан ховха безам, дог-ойла даима Нохчийчоьнах а, да-нана дехачу Марзойн-Махках а хьерчаш йара. Университетан хьехархоша дукха хьистира Муса.