Выбор Языка

ar en ru

Шатлакхан Илли

Дешнийн автор - Кадыров Хож-Ахьмад
Мукъаман автор - Бексултанов Iумар

Харцоно ц1е тесна хийла хьо ягарх,
Нохчийчоь ца йоьжна, г1аьттина яха.
Кавказан ткъес хилла, маршонан ага,
Хьан лаьттан сий дина яхь йолчу наха.


Барт болу хьан къаьмнаш – мах боцу беркат!
Хьо йоцург, Нана яц, нохчийн халкъ хьаста.
Тхан дехар, тхан дерзар Даймехкан кхерчахь,
Декъалдар доьхуш ду, Далла беш хастам.


Башламан баххьашка дайн синош дуьссу.
Органа тулг1ено ненан мотт буьйцу.
Исбаьхьа совг1ат хьо, азаллехь делла!
Шатлакхан илли ду тхуна ницкъ белларг!


Къинхьегам, хьан хьуьнарш хазделла шайна,
Халкъаца лерам бар кхаъ хуьлда хьуна.
Машаран г1аролехь ирсан некъ тайна,
Сий долуш Нохчийчоь ехийла тхуна!

Оцените материал
(1 Голосовать)